ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара полицихь кхелхина Успанов, Бельгин набахтера маьршаваьккхина Албаков. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра вахархо полицихь кхелхина, Тепсуркаевн гIуллакх Европан кхеле кхаьчна, ткъа Бельгира депортацин набахтера арахецна нохчийн мухIажар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршонан 57-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Нохчийчуьра вахархо полицихь кхелхина

Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа полицин декъехь велла Нохчийчуьра вахархо Успанов Асхьаб. ТIечIагIбазчу хаамашца иза кхелхина цунна тIехь гIело хьегийтинчул тIаьхьа. Теракт йинчу дийнахь Успанов велла хиларх тIечIагIдина Маршо Радиона СПАРК системехь.

Ша лаьцначул тIаьхьа шен хIусамнене телефон тоьхна хилла Успановс, "ша дина хIума дац", шена тIаьхьа дахка ца оьшу аьлла. Иштта дийцинера "Агентство" гIирсаца динчу къамелехь цуьнан нанас Таисас. Амма тIаьхьо йуха зIене ваьллачу цо, дехар дина хиллера хIусамнене, тIаьхьадуьйла шена, ша полисхошца кIоршаме хилла аьлла.

Успановн хIусамнана полици цунна тIаьхьайеъча, ницкъахоша аьлла хилла цуьнга, иза кхелхина. Нана тешна йу, концертан гIишлона динчу тIелатарца шен кIант воьзна цахиларх.

Оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан хаамашца, Успанов лаьцна хилла "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа буса.

Иштта канало зорбане йаьккхира, чIагIдарехь, цуьнан дегIе хьожуш йаьккхина видео а: цу тIехь цхьана стага боху садукъийна лараш йу цунна тIехь, ткъа полисхой лерина бу, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна аьлла, и дIадерзон. Оцу информацин тоьшаллаш дац кхечу хьасташкахь.

Масех де даьллачул тIаьхьа Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура "бакъоларйаран органийн официалан версина" тIетевжина дIахьедира, республикера вахархо Успанов Асхьаб Москвара полицин декъехь ша шена тоьхна велла аьлла. "Крокус Сити Холл" концертан хIусамехь теракт йале масех сахьт хьалха лаьцна вара иза аьлла, тIетоьхна цо, гергарчара бахара аьлла. Ша шена тоьхна вала хIун бахьана хIоьттинера цунна, полицин карахь а волуш, цо и муха дина хир ду, омбудсмено ца дийцина.

Успанов Асхьаб кхалхарх лаьцна хIара дуьххьара Iедалхоша бина хаам бу, Солтаев тIетуьйжу "ницкъахойн официалан верси" зорбане йаьккхина йацара.

Депортацин набахтера Бельгихь АлбаковгIеран шолгIа ваша а арахецна

Нохчийчуьра вахархо Албаков Ислам Бельгира депортацин набахтера арахецна, хаамбина бакъоларйаран "Вайфонд" организацино. 2019-чу шарера схьа дуьйна чохь латтош вара иза.

Ислам а, цуьнан жимахволу ваша Албаков Iимран а Интерполехула лехамашка веллера Оьрсийчохь гIаттамхойн могIаршкахь лелла ву аьлла бехкевина. 36 шо долу Iимранан аьтто хилира шена бехкаш дахкар бух боцуш хилар тIечIагIдан. Кху шеран дечкен-баттахь депортацин набахтера араваьккхира иза. 2018-чу шарахь Лионера кхело листира вежарийн гIуллакх, уьш Оьрсийчоьне дIабалар йукъахдоккхуш.

Бакъоларйархоша дIахьедира, набахтехь латточу заманчохь 40 шо долчу Исламан могушалла телхира, бIаьрса гIелделлера цуьнан, цу чохь кхачам боллуш лоьрийн гIо ца кхачадора цунна.

Кху шеран дечкен-баттахь Венехь а, Брюсселехь а цуьнгахьа митингаш хIиттийра - нохчийн диаспорийн векалша а, бакъоларйархоша а тIедожийра Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина нохчийн мухIажар маьршаваккха аьлла.

Карарчу хенахь Албаков Ислам маьрша ву, билгалдоккху "Вайфондо", делахь а хIара хаам зорбане боккхучу хенахь Интерполон сайтера иза лоьхуш хиларх хаам дIабаккхаза бара.

Нохчийчохь имам верах гIуллакх кхеле кхачийна

Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлахь 54 шо долу имам Гакаев Iабдурахьим верах гIуллакх талламо листина даьлла. Прокуратуро бехкхилар тIечIагIдина, материалаш кхеле хьажийна.

Талламан версица бехкевечо стаг вийра кху шеран дечкен-баттахь цуьнан 4 шо долчу кIантана хьалха, ша дийриг телефонан камери тIе дIа а йаздеш.

Цул тIаьхьа оцу зулам динчу меттигера шен машенахь къайлавала дагахь хилларе иза. "Эвлара араваьлла хьуьнан асане вирзина иза, цигахь урс дIа а кхоьссина, машен цигахь а йуьтуш, гIаш дIаваха дагахь хиллера иза, луларчу махкахь лачкъа Iалашонца", йаздо талламхойн хаамехь.

ШолгIачу дийнахь лецира Гакаев вийнарг ву аьлла 30 шо долу Гуьмсера вахархо Шамурзаев Турпал-Iела. И гIуллакх шен тергоне эцнера Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.

Имам Гакаев Iабдурахьим верна бехкевечун гергарчу наха видео дIайазйира ГакаевгIеран цIийнах мел волчунна лерина, йукъара вас дIайаккхий, шайна, совнахболчарна, гечдар дийхира цара.

ХIун бахьана долуш вийна хиллера имам, билгалдаьккхина дац талламхойн хаамехь. Бакъ ду, къизаллица стаг вер аьллачу Iедалан къепехула бехкаш дехкина цунна, ткъа оцу зуламна тIехула велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоха а йиш йу низамехь.

Сулейманова Седа къайлайаккхар толлур ду

Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх айдина Сулейманова Седа йарца доьзна – ахшо сов хьалха нохчийн ницкъахоша лачкъийна, Соьлжа-ГIала дIайигинера иза. Цунах лаьцна йаздина "СК SOS" кризисан тобано.

ДIахьединчарна жоп кхаьчна урхаллера - цу тIехь хаамбина, Нохчийчуьра йахархо "хоуьйтуш доцуш къайлайаккхарна" бехкзуламан гIуллакх айдина аьлла. Хьалхо бехказлонаш лоьхуш, жоьпаш кхоьхьуьйтура цара, дуьйцу бакъоларйархоша. Кхин совдаьккхина хIума аьлла дац Талламан комитето.

Дагадоуьйту, Сулейманова Седа цIера йеддера, цIахь гергарчара гIелонехь латтайо ша аьлла. Марсхьокху-бутт бовш Санкт-Петербургера цхьана петар чуьра дIайигира йоI цуьнан везарца цхьаьна веа стага. Царех шиммо шаьшшиъ полицин белхахо ву аьллера, важа шиъ могIарерчу нехан духарца хилла. ЙоьIан тIехьийза кIант дукха ца Iаш дIахецнера, ткъа йоI лаьцна йитира 150 эзар соьмана къола дина цо аьлла. Бакъду, цо лачкъийна боху коча, лерга ухку хIуманаш йоIехь ца карийнера, уьш хьенан хиллера а, дуьйцуш дац.

Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла гIуллакх шайггара даьстина хилла хир дара полисхоша, Нохчийчуьра бевддарш дукха хьолахь оцу бахьанаца йухабуьгуш бу.

Сулейманова лачкъийна йигина ахшо сов хан йаьлла. Иза йийначух тера ду аьлла, хаамбинера бкъоларйархошка церан хьасташа. Амма иза а билггал хууш дац.

Тепсуркаевн гIуллакх Европан кхеле делла

Оцу йукъанна, "Iазапашна дуьхьал Командин" бакъоларйархоша латкъам бина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цара тIедожийна, нохчийн ницкъахоша лачкъийна вигина оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан хилла модератор Тепсуркаев Салманан валарх а, цуьнан гIуллакх таллар кхачам болуш цахиларх а жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIехь хилар къобалдар.

Карарчу хенахь хIара бехктакхаман гIуллакх толлуш ду стаг лачкъор аьллачу Iедалан къепехула, амма талламо билгал ца йаьккхина Терсуркаев лачкъорна а, кхаа шарахь сов иза волу меттиг хууш цахиларна а йукъара зIе.

Дагадоуьйту, 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой ду аьллачу наха. ШолгIачу дийнахь социалан машанашкахь видео йаржийра жигархочунна тIехь сийсазалла лелош. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа.

2021-чу шарахь Европан кхело Оьрсийчоьнна тIехь дитира жигархо лачкъорах жоьпалла, цара тIечIагIдира, "нохчийн полицин барзакъ доьхначу нахах лаьттачу тобано Нохчийчуьра номершца йолчу Toyota Camry машенаш тIехь" иза харцонца вигина хилар.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG