ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаев ИбрахIим шолгIа а къайлаваккхарна сагатдо бакъоларъярхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Серноводскера вахархо Мусаев ИбрахIим шолгIа а къайлаваккхар билгало ю цунна кхерам хиларан аьлла хета бакъоларъярхочунна Ганнушкина Светланина а. Кавказский узел интернет-ресурсо яздо, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх гIаттон тарло аьлла, бакъоларъярхочо динчу дIахьедарх.

Маршо Радионо яздира, Мангал-баттахь Грецин Iедалша Оьрсийчу цIа хьажийна хилла Нохчийчоьнан вахархо Мусаев ИбрахIим юха а вайна, иза зIене волуш вац шен доьзалца аьлла. Мичахь ву а ца хууш кIира даьккхинчул тIаьхьа Марсхьокху-беттан 2-хь гучувелира иза шайн гергара нах болчехь. Цара дийцарехь, оццу беттан 4-хь делкъал тIаьхьа Серноводскехь цIера араваьлла Мусаев юха цIа ца веъна.

"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина хетарехь, шолгIа а Мусаев лацар Iаламат кхераме ду.

"ШолгIа а иза лаца уьш баьхкинехь, "чувуллур" ву иза. Суна гина дуккха а ишта меттигаш, дуьххьара лаьцча дIахоьцу, цуьнан гергарчара цхьа мах а лой, амма бутт баьллачул тIаьхьа юхабогIу уьш, хIунда аьлча, полисхошна кхин а ахча даккха лаьа. Хила тарло кхузахь и ишта хьал. Вуьшта хилахь, цунна бехк билла тарло цхьана шайггара кхоьллинчу бахьанаца. Я, масала, теллина далаза цхьа гIуллакх хуьлу, ткъа цунах коьрта бехкениг во", - аьлла Ганнушкина Светланас.

2017-чу шарахь дуьйна Желтойн-махкахь (Грецехь) тховкIело йоьхуш Iийна Нохчийчуьра 41 шо долу Мусаев ИбрехIим ГIалгIайчоьнан Магасерчу аэропорте кхаьчначул тIаьхьа зIенера вайра. Цуьнан гергарнаш тешна бара, иза полисхоша лаьцна хиларх.

Греци иза дIавахале хьалха цхьана шарахь гергга латтийна хилла иза лаьцна, стаг верна бехке ву аьлла шеконаш кхоллаелла. Оцу тIехула набахтехь даккха пхи шо хан тоьхнера цуьнан йишина. Ша Мусаев маьршаваькхира, цуьнан бехк хилар тIечIагIдан тоьшаллаш а ца тоьъна.

Кху шеран бIаьстенан муьрехь лаххара а 92 стаг лачкъийна Нохчийчохь, бохуш чIагIдо 1ADAT телеграм-канало. Кест-кеста нисло, дуьйцуш бахьана а доцуш, Европерчу пачхьалкхаша депорт йина нохчий полисхоша къайлабохуш. Масала, хаамашкахь яздора, Зазадокху-баттахь Францино Оьрсийчоьне дIавеллачу Садуев Илесна ницкъбарх. Гуьмса-кIоштарчу полицин декъехь кIиранах хьевира 44 шо долу Арцуев Лези.

Германино депортаци йина Мамуев Нурмохьмад баттахь гергга сецийра Хьалха-Мартанан полисхойн декъехь.

Францино схьахьажийначу Гадаев Мохьмадна Мангал-баттахь цхьа шой ах шой хан туьйхира набахтехь даккха.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) хьехна дуьненаюкъара организацеш юкъаозор Нохчийчохь бовш лаьттачу нахана гIо дан. Бахьана хIоьттира, 2017-чу шарахь махкахь кхел йоцуш нах байъина аьлла, дийца даьккхича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG