ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалба нехан терахь шозза алсамдер ду Европехь гергарчу 30 шарахь


Франци - Страсбургерчу маьждигехь ламаз, Товб. 9, 2013
Франци - Страсбургерчу маьждигехь ламаз, Товб. 9, 2013

2050-чу шарахь Европехь лаххара а 7,4 процент бахархой хир бу бусалба нах.

Бусалба нах дIоггара дукха бац Европехь. Пью Центро дийцарехь, берриг а цу континентехь бехачу нахах 5 процент бен бац Ислам дин лелош. Амма цхьайолчу Европерчу пачхьалкхашкахь, масала, Францехь а, Швецехь а бусалба нехан дакъа лакхара ду.

Pew Research Center-о (Пью Центро) хиндерг ду аьлла дийцарехь, гергарчу 20-30 шарахь бусалба нехан терахь шозза алсамдала мегаш ду. Цкъа ца хиллачу кепара дукха нах бу тIаьхьарчу хенахь Европехь тховкIело лоьхуш. Царах дукхахберш бу Шемара а, кхин йолчу а коьртачу декъана бусалба пачхьалкхашкара баххархой.

Бусалба мигрантийн тулгIено онда дискусси эккхийтина дуккха а пачхьалкхашкахь политикан иммиграцина а, кхерамазаллина а, хир долчу бусалбанийн терахьана а гонаха.

Гергарчу 20-30 шарахь Европехь бусалба нехан терахь муха хийцалур ду къастор Iалашонца Пью Центро кхоьлина 3 сценари. Уьш йоьзна ю тIейогIучу хенахь хир йолчу миграцин тIегIанах.

2016 шарахь бинчу талламца, Европерчу бусалбанийн терахь ду 25,8 млн стаг. Вуьштта аьлча 4,9 процент берриг а бахархойх.

Нагахь таханца сихонца Европе оьхуш болчу нехан миграци сацийча, 2050 шарахь бусалба нехан терахь алсамдер ду 7,4 проценте кхаччалц.

Иза хир ду бусалба доьзалшкахь бераш дуьненчу довлар алсам хилар бахьана долуш, кхечу Европерчу бахархойн доьзалшца дуьстича.

ШолгIа сценарий ю юккъерчу барамехь миграци хиларца йоьзна. 2016-чу шарахь хилла санна миграци сацор ю, амма иза хир ю хьалха ша ма хиллара. Оцу хьелашкахь бусалба нехан дакъа хир ду 11,2 процент 2050-чу шарахь.

Эххар лакхара миграци хиларан сценарино гойтург ду 2014-2016-чу а шерашкахь санна миграци хилахь хин дерг. Цу сценарица 2050-чу шарахь 14 процент хир бу бусалба нах Европехь. Вуьшта аьлча, карарчу хенахь болчул а кхузза дукха. Амма уьш кIезиг хир бу керстанелла а, цхьа а дин лелош боцучу нахалла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG