Полицехь Iазап хьегна 19 шо долчу нохчийн кIентан кхалхар, Оьрсийчоьнан неонацистаца "Ахматан" командиран Алаудиновн хилла цхьаьнакхетар, оьрсийн совдегар вен гIоьртина аьлла, Нохчийчуьра латархо бехкевар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 97-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Полицихь ницъбина велла кIант
Лачкъийна вигина полицин декъехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа кхелхина Нохчийчуьра Устрада- ГIалара 19 шо долу Тазуркаев Висхан. И хаамбира Маршо Радион редакцига республикера цхьана хьасто. Дуьйцург бакъдо ишта оппозицин Niyso боламан жигархоша а.
Редакцин хьостан хаамашца, Тазуркаев кхалхале хьалха маьрша а ваьккхина, цIа валийна хиллера. Амма цуьнан тезетахь хиллачара бахарехь, лечу хьоле валлалц цуьнан дегIа тIехь ницкъбина йитина лараш хилла. Ницкъахоша дихкина гергарчарна цунах лаьцна хаамаш нахалабаха.
Niyso боламан хаамашца, Тазуркаев болх бечуьра лачкъийна вигина, Устрада-ГIаларчу полицин декъехь латтийна хилла карарчу беттан 6-чу дийнера дуьйна. Дийцарехь, ток йоьттуьйтуш, Iазап хьегна цунна тIехь. Нохчийн оппозиционерийн хьасташа чIагIдо, гергарчаьрга Висханан дакъа дIалуш тIедожийна хилла, ша шена тоьхна велла алий дийцар.
2024-чу шеран аьхка Устрада-ГIалахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан керла куьйгалхо хIоьттира полицин подполковник Насуханов Заур. Кадыров Рамзанан уллорчу накъоста буьйралла дечу "Ахмат", "Терек" тобанийн декъашхо хилла ву иза. Дийцарехь, Насухановс дакъалаьцна Украинерчу тIамехь а.
Устрада-ГIалара полисхойн декъехь ницкъбо бохуш, тоххара а хезадора. Ишта, 2021-чу шеран бIаьста кадыровхоша лачкъийра Комсомольское эвлара вахархо Татаев Акраман – иза полисхойн декъехь латтийра цхьа а бехк ца кховдош, кхаа кIирнах гергга.
Устрада-ГIалахь стаг лачкъорах тIаьххьара хаам кхечира 2024 шеран гIуран-беттан 29-хь, йаздира Niyso телеграм-канало. Вуьйцург ву 17 шо долу Ванаев Рамзан. Иза а вара болх бечуьра дIавигина, ахча дехна хиллера цунах а. Оцу информацин кхечу хьосташкара тоьшаллаш дац кхаьчна.
Нохчийчоьнан Ӏедалша тергал ца до, регионерчу ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелетарш динчул тIаьхьа республикехь нах лечкъорх а, хьийзорах а, дуккха а "зачисткаш" йарх а лаьцна хаамаш. Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалша а пе бетта цу хьокъехь информаци йаржорна.
Алаудинов а, нацик а
"Ахмат" олучу нохчийн спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис зорбане йаьккхина "Фриц" никца вевзаш волчу "Русич" цIе йолчу диверсин-штурман талламхойн тобанан куьйгалхочуьнца Мильчаков Алексейца йаьккхина видео. Ша Оьрсийчоьнан нацист ву бохучу стагаца цхьана кадрехь нохчийн инарла гучувалар тайп-тайпана хьежамаш болуш тIеийцира z-блогерша а, кхул а хьалха кадыровхошна масийттазза критика йеш хиллачу ультрааьтто агIор болчара а.
Тхан редакцино билгал ма-даккхара, 2014-гӀа шо дирзинчул тIаьхьа дIасабохийна хилла оьрсийн националистийн болам цхьана декъехь меттахӀоттийра тӀаьхьарчу шерашкахь президентан администрацин а, кхерамазаллин ницкъийн а Ӏуналлехь. Украинехь тӀом болийначул тӀаьхьа йерриг а Оьрсийчохь керла вовшахтохараллаш гучуйуьйлура, империн а, мигранташна дуьхьал а повестка йаржош. Цуьнца цхьаьна, ур-атталла шаьш ультра-аьтто агӀончашлахь а Мильчаков лоруш стаг вац, ткъа цуьнан кӀеззигчу агӀончаша чӀагӀдо, Алаудиновца цхьаьнакхетар ца бевллачу денна йаьккхина тактикан гIулч йара.
Мильчаковца цхьаьна пхеа минотехь дIайазйинчу видео тӀехь къамел деш цхьа нохчийн инарла бен вац. Алаудиновс "Русичан" командирах а, цуьнан гӀовсах а "герз лелорехь вежарий" олу, шаьш хӀинца йукъарчу тӀамо вовшахтоьхна, олий тӀе а тухуш. Хабарна шера воцу Мильчаков кхеташ хиллера, шен агӀончаша критика йийриг хиларх. "Цхьанна а ма мотта, кхузахь цхьаъ цхьаннах кхоьруш хилла, йа цхьаъ цхьаммо охьатаIийна",- элира цо.
ДШРГ "Русич" канало зорбане даьккхина цхьанакхетарехь даьккхина сурт, "доттагIаллин кепехь" хилира и, "хIора а шена хетачунна тIехь висира" аьлла, билгалдоккхуш.
Цу постана бухахь негативе 14 эзар сов комментарий йитина, цул тӀаьхьа Мильчаков шогачу кепехь вистхилира шенап реза боцчаьрга, хьаьнца хIун лелон деза шенна хаьа шена аьлла.
Цу хаамо чӀогӀа гIовгIа эккхийтира z-блогершна йукъахь а, националистийн повесткана тIетовчу нахалахь а.
"Говорит ТопаZ" тeлеграм-каналан авторо Рассказов Евгенийс цуьнан масалца дийцира, ша "Русичера" футболан фанатех а, неонацистех а лаьттачу "Эспаньола" талламхойн бригаде дехьа стенна велира. Ткъа кадыровхошна критика йинчул тIаьхьа Ставрополехь лаьцначу Гузенко Егора видео зорбане йаьккхина, цу тӀехь цо дӀахьедар дина, ша "цкъа а шен идейх дIахедар вац" аьлла.
Мильчаков а, Алаудинов а ву санкцийн тептаршкахь. Националист Американ Пачхьалкхан департаментан реестре йазвина 2022-чу шеран гурахь Украинехь тӀеман зуламаш дарна. Цу документехь йаздина ду, "инзаре къизалла" лелош стаг ву аьлла иза гIараваьлла хилар. Оццу тептарехь Алаудинов а ву 2014-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гӀовс вара иза, махкара бахархойн бакъонаш талхорна санкцеш кхайкхийнера цунна.
Алаудиновн а, Мильчаковн а цхьаьнакхетар кхето мегар дара Кадыров Рамзанан гоно керла бертахой лоьхуш хиларца, элира редакцица хиллачу къамелехь Европехь болх бечу нохчийн политикан "Цхьааллин ницкъ" организацин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Хила тарлург ду бохура цо, нагахь санна, Путинан Ӏедал дохахь, оьрсийн националисташа "керлачу политикан архитектуран контуршкахь" мехала дакъа дIалацар. Цу хьолехь, Сулеймановна хетарехь, "шайн оьгӀазло нохчашна а, кхин а шуьйра аьлча, массо а кавказхошна а дуьхьал йерзо мегаш йу цара. Йа цаьрца берта даха дезар ду, Путинан го бехке а беш".
Нохчийн латархо бехкевина стаг вен гIортарна
Нохчийчуьра латархо Эльдукаев Тархан эххар а бехке вина совдегар Гуршумов ТIаир а, иллиалархо Руссо Авраам а вен Iалашонца кIело йарна. ТIелатар дечу заманчохь лазийра Гуршумовн ваша. Талламхоша дийцарехь, Эльдукаев лелаш хилла Москвара "Черкизан" базаран долахо хиллачу Исмаилов Тельманан омрица. ГӀуллакхан материалаш дӀахьажийна прокуратуре.
Руссо Авраам лачкъорца доьзна Эльдукаевна дуьхьал кховдийна кхин цхьа бехк йухабаьккхина, зуламхо жоьпалле озо магийна хан чекхъйалар бахьана долуш, йаздо "Коммерсанто".
Талламхоша дийцарехь, Эльдукаев хилла Исмаиловн кхерамазаллин урхаллин куьйгалхо. Исмаиловна а, Гуршумовна а йукъахь бизнесца доьзна дов даьлла хилла. ЧIагIдарехь, Исмаиловс ахча а, герз а дӀаделла боху Эльдукаевга, цунна тӀедиллина хилла Гуршумов вен кIелойар. Ишта "зулам дечу хенахь цуьнца хир болу нах а" цо дIабаха безаш хиллера. Эльдукаевс мехах лаьцна хилла I996-чу шеран гIуран-баттахь герз тоьхна Гуршумов ТIаир вийнарг, ткъа цуьнан ваша Гуршумов Тельман лазийра. Зулам динарг мила ву къастийна дац тахана а.
Талламан комитетана хетарехь, оццу сценарийца 2006-чу шарахь Руссо Авраам вен гӀортарна а таIзар дира бехкечарна. Руссо Авраамна чевнаш йира, амма дийна висира иза.
Эльдукаевс бехк тӀе ца лецира, иштта цо харцдо ша Исмаиловн хадархошлахь хилар а. Цуьнан адвокаташа чӀагӀдо, цу зуламашкахь цо дакъалаьцна хиларх тоьшаллаш дац, ткъа иштта цунна дохкучу бехкашкахула зуламхо жоьпале озо магийна хан а чекхйаьлла бохуш.
Кадыровн телеграм-канал дIакъовла тарло
Оьрсийчоьан официалан хьаькамийн социалан машанашкара блогаш а, каналаш а дIакъовла тарло, хаамбина талламбаран "Система" проекто. "Информацех" лаьттачу низаман тIаьххьара тIетохаршца а догIуш, шен агIоне йазвелла 10 эзар стаг волу блогерша шайх лаьцна Роскомнадзоре хаамаш чубала беза лерринчу реестре йаздайта шаьш. И ца дахь, 2025-чу шеран дечкен-беттанI-чу дийнера схьа дуьйна церан интернет-гIирсаш дIакъовла тарло.
Реестр теллича, "Система" проектана гучудаьлла, Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министраллан официалан векалан Захарова Мариян аккаунте йазвелла 500 эзар гергга стаг хилар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан - 2 миллион 48 эзар. Иштта Пачхьалкхан Думан депутатийн Делимханов Адаман а, Бутина Мариян а, Останина Нинин а, Толстой Пётран а, Луговой Андрейн а, кхинболчийн а.
Реестрехь шайн блогаш дIайазйайтина кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Медведев Дмитрийс а, Пачхьалкхан думин спикеро Володин Вячеслава а. Иштта оцу тептаре йазйина Кремлан а, Пачхьалкхан думин а, ТАСС агенталлин, Russia Today телеканалан а официалан каналаш а
"Системо" кехаташ кхехьийтина шайн каналаш Роскомнадзоран реестре йаьхна боцчу лаккхарчу даржашкара нахе. Захарова Марияна ца лиънера маса хаттарна жоп дала, редакцин бланка тIехь хаттар схьадаийта шега аьлла. Депутато Луговой Андрейс элира, журналисто «ледара лоьху» реестрехь информаци. Цул тIаьхьа редакцица зIене йелира цуьнан гIоьнча: цо бахарехь, Луговойс "Госуслуги" порталехула стохка дуьйна кехат чуделла, шен каналана регистраци йе аьлла, амма билггал муьлхарчу дийнахь аьлла, шега хаьттича, цо ца дийцира.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: