ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарерчу депортацин лагерехь мацалла кхайкхийна нохчочо. Оьрсийчохь Iедал тIаьхьдала мега цунна  


Батаев Iела
Батаев Iела

40 шо долчу Нохчийчуьра вахархочо Батаев Iелас мацалла латтош 30 де ду, Швейцарерчу Iедало ша Оьрсийчоьне дIавала гIертарна дуьхьал протест йу цо йеш. 2022 шеран гезгмашин-баттахь дуьйна латтош ву Украинера схьавеана Батаев кхечу пачхьалкхийн бахархошна леринчу депортацин набахтехь.

"Ша Оьрсийчоьне дIавелча, ша вен тарло аьлла тешна ву Батаев, Нохчийчуьрчу Кадыровн рожан критик и хиларна", – дийцина Нохчийчн республика Ичкерин Швейцарехь волчу векало Мамишов Лачина.

Цо бахарехь, Батаев йеххачу хеначохь Украинехь Iийна, цигахь ваха бакъо хилла цуьнан (ВНЖ), меттигера йахархо маре йалийна хиллера цо. Украинхойн мухIажар санна веара иза Швейцаре, буьззинчу барамехь тIом болабелча. 2022 шеран гезгмашин-баттахь Швейцарин Iедало дIалецира Батаев, иза пачхьалкхех хилар низамна дуьхьал ду аьлла хеташ.

Ичкерин векало билгалдаьккхина ма-хиллара, Батаев Iелина буьззинчу барамехь низамашкахула гIо ца дина: гочдархо ца велира цунна, цул сов, цунна гIо дийриг Iедалан адвокат вара.

30 де ду цо мацалла латтош йолу, ша пачхьалкхера ара ма ваккха бохуш. Оцу бахьаница могушаллица проблемаш йуьйлайелла цуьнан, тоъал болчу барамехь лоьрийн гIо ца латтадо шена, боху цо. Депортацин лагеран белхахой нохчийн бакъоларйархошка дехарш деш хиллера, цуьнга протест йукъарайаккхийта агIо лаха боьхуш, амма Батаев Iела дуьхьал хилира, тIетоьхна Мамишовс.

  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Мангала-баттахь 6-чу дийнахь Оьрсийчу депорт йира Дагестанера къайлахчу сервисийн урхаллин талларан декъан хилла белхало хилла волчу Наврузбеков Эмранна. Бакъоларйаран Gulagu.net проектана Iай йеллачу интервьюхь Наврузбековс дийцина, Дагестанехь "террохойн гIуллакхаш" муха кечдо, цу тIехь ницкъахоша премеш а, седарчий а дахарх. Доккхачу декъана, цо дийцира шайггара лелочу терактех, "террорхой бу" а бохуш, нах хIаллакхбарх, Iазапаш хьегийтарх, царна герз а, наркотикаш а кхийсарх а.
  • Стохка гIадужу-баттахь Финляндихь мухIажаран статус йелла вехачу 31 шо долчу нохчийн мухIажаро Абубакаров Джабраила дийцинера Соьлжа-ГIалахь бисина шен гергара нах лечкъийна аьлла. Оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналехь анонимехь ша нохчийн Iедалхошна йинчу критикаца доьзна цо иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG