ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

RWB: Нохчийчоь а, ГIирма а къевлина ю критика ян мегачу нахана


Президент Путин Владимир.
Президент Путин Владимир.

Путин Владимира куьйгалла а деш, RT а, Sputnik а санначу зорбанан гIирсашкахула шорбеш ю Оьрсийчоь шен пропагандин маша.

"Доза доцу репортераш" (RWB, Reporters Without Borders) дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло хIора шарахь арахоьцучу пресса маьрша хиларан рейтингехь 180 пачхьалкхана юкъахь Оьрсийчоь ю 148-чу меттехь. И меттиг Оьрсийчоьно дIалоцу дикка хан ю. Бахьана кхеташ ду, яздо "Iамеркан аз" Iамеркан зорбанан гIирсо.

ЦIахь маьрша аьзнаш дIа а лакъийна, Путин Владимира куьйгалла а деш, Оьрсийчоь шорбеш ю шен пропагандан маша, RT (Russia Today) а, Sputnik а санначу зорбанан гIирсашкахула, дуьйцуш ду "Доза доцу репортераша" кечдинчу рапорта тIехь.

Медиан гIирсаш а, журналисташ а маьрша хиларца доьзна хьал сингаттаме ду, хета рапортан авторшна: "Советан Iедал доьхначул тIаьхьа цкъа а ца хилла тахана санна дукха чубоьхкина журналисташ а, блоггераш а. Зорбанан гIирсаш коьртачу декъана Кремлна муьтIахь болчу олигархаша Iуналла деш а болуш, Iаткъам алсам болуш бу цхьацца талламаш бан гIертачу йозаш йоцучу прессина а, журналисташна а".

Рейтинго гойтург 2017-чу шарера хьал делахь а, цу рапорта тIехь хьехош бу тIаьххьара Оьрсийчохь хилла хиламаш а: "2018-чу шарахь президентан харжамаш тIекхочуш цхьацца кепара дуьхьалонан акцеш хиларна, Iедало чIагIдина интернетана тIехь контрол яр. Iеделан векалша тIелатар долийна мессенджершна а, керла низамаш тIе а оьцуш, Iаткъам алсамбаьккхина лахаран системашна а, сайташна хIиттийначу блокех тIех вала аьтто бечу системашна а.

ТаIзар шайна дийр ца хилар хааро а, журналисташна тIелатарш дан аьхна хьелаш кхоьлларо а, йозуш йоцчу редакцешна кхерамаш тийсаро а вуно синтем байина махкахь. Нохчийчоь а, ГIирма а къевлина ю критика ян мегачу нахана".

Шен дешархошна бакъдерг дийца гIертачу журналисташна ницкъ бина хиларх лаьцна дуьйцу кхечу зорбанан гIирсийн бакъонаш ларйочу "Журналисташ ларбон комитет" вовшахтохаралло.

Кху шарахь Екатеринбургехь, корех чу а воьжна, велла "ЧВК Вагнера" олучу долахь йолчу тIеман компанин Шемахь байинчу нахах лаьцна яздеш хилла журналист Бородин Максим, йиттина "Областная гезетан" коьртачу редакторна Полянин Дмитрийна. Цуьнан газето яздора гIалан коммуналан бахамехь вовшен машенаш ягош а, гаранаташ лоьлхуьйтуш а, лаьттачу девнех лаьцна.

Москох хIара шо долалуш талламаш бира "Исламан пачхьалкх" тобанан тIемало хиллачу стагца интервью The New Times журналехь зорбане яьккхинчу журналистан Никулин Павелан хIусамашкахь. Дуккха а журналисташа а, бакъонашларъярхоша а тидира Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн и гIулч шаьш кхеро гIортаран акт санна.

Шайн юкъараллин декхар долуш санна журналистикехь болх бечу репортерашна луш яц информаци. Оьрсийчоьнан юкъараллера гIортор хуьлуш а бац и нах. Цу пачхьалкхехь цхьа кIеззиг дакъа бен дац, бозуш боцу медиа гIирсаш а, маьрша зорбанан гIирсаш а хила беза аьлла хеташ.

Иштта хIоьттинчу хьолехь Вилсонан Центран Кеннанан Институто Вашингтоне кхайкхинера цхьамогIа Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсийн куьйгалхой. Цара дийцира шайна балхахь Iитталочу халонех а, 1990-чу шерашкахь санна махкахь хийцамаш хиларан фактор хилла дIахIуттур ю-яц журналистика Оьрсийчохь бохучух лаьцна а.

Вашингтонерчу Вилсонан Центрехь къамел вовшахтоьхначу Пархоменко Сергейна хетарехь, Iедало ши некъ бен ца буьту зорбанан гIирсашна: болх бечура совцар я ахча деха шайна тIе бахкар.

"Итоги", "Вокруг света" журналиийн коьрта редактор хиллачу Пархоменкос билгалдоккху федералан а, регионашкара а Iедалш доцург, ша буьйцурш цу Iедалшца боьзна бизнесхой хилар. Ткъа гуттар а девзаш долу газет я журнал ахча деха дагIа дезаш хуьлу Кремлца боьзначу олигархашна тIе. Ткъа уьш, Пархоменкос дийцарехь, Оьрсийчохь масийтта стаг ву, масала, Усманов а, Мамут а.

Вашингтонерчу дискуссехь дакъалаьцначу Republic медиа гIирсан коьртачу редакторна Кашулинский Макcимана хетарехь, авторитаризман хьелаш махкахь делахь а, Оьрсийчуьра журналистика елла яц.

Ткъа "Медиазона" интернет порталан коьртачу редакторо Смирнов Сергейс билгалдаккхарехь, журналистийн болх дукхачу хьолехь беш ву цуьнан YouTubeр-чу канале язвелла 2 миллион стаг волу оппозицин жигархо Навальный Адексей, яздо "Iамеркан аз" портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG