ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хан кхайкхийна Шема яха новкъа яьллачу зудчунна


Масех баттахь зераш а дина, хан тоьхна Умиева Хьавана.

Tеркйист кIоштан суьдо, дов а хаьттина, пхи шо ах шо хан кхайкхийна ЧIулга юьртарчу яхархочунна Умиева Хьавана. Талламхоша чIагIдарца, 2016 шо дале яха гIоьртина Умиева Шема пачхьалкхе, амма и тусаделла низамхой, тIахъаьлла, каде хьовзар бахьнехь лаьцна цу кхерамечу новкъаяла хьайна зуда.

Кху шеран Дечкен-беттан юьххьехь, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а долийна, 3-4 баттахь зераш а дина, хан тоьхна Умиева Хьавана.

Бакъду, цунах мелла а къинхетам бина суьдхоша. Цуьнан жимахдолчу беран 14 шо дуззалц тIаьхьатеттина кхело таIзар дар, вуьшта аьлчи набахтехь хан такхийтар.

МогIарерчу нехан сагатдийриг ду оцу Шема пачхьалкхара тIом бахьанехь вайнахана беш болу Iаткъам шорлуш алсамбалахь бен, гатлуш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG