Къилбаседа ХIирийчуьрчу Черменехь маслаIат дина Нохчийчохь йийначу такси тIехь болх беш хиллачу Уртаева Стеллин а, иза ерна бехке веш волчу Нохчийчуьрчу стеган а доьзалша.
Бохам хиллера кхушара Оханан-баттахь. Соьлж-ГIаларчу талламан комитетан белхахоша бинчу хаамца, меттигерчу вахархочо машен схьаяккхар Iалашонца, урс а диттина, йийна Уртаева. Хиллачу чевнех хьалха ца яьлла кхаа беран нана.
Нохчийчуьрчу шена вевзаш волчу вахархочуьнца цхьаьна "Лада-Калина" машенахь хьошалгIа еана хилла и зуда БуритIера. Ша иза йийначул тIаьхьа, зуламан ларш йойуш, Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштахь Сунжа хи чу кхоьссина зуламхочо цуьнан дакъа.
Масех сахьт даьлча, цуьнан машенахь воьду жима стаг лаьцнера полисхоша. Уртаеван дакъа тIаьхьо карийра орцанхошна.
Карарчу хенахь кхелан а, медицинан а, биологин а, криминалан экспертизашкахула чекхвоккхуш ву куьгбехкениг.
Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, Къилбаседа ХIирийчьурчу муфтийс Гацалов Хьажмурада а, Нохчийчуьрчу муфтиятан векалша а къинтIера баьхна Уртаеван гергарнаш республикерчу бахархойн цIарх.
"Кхара боху адам дер даиман а эхье хилла, амма уггаре а эхье дерг зуда ер ду. Тхан агIоно жоп делира, оха дерриге халкъ къастадо цуьнан цхьаболчу векалех аьлла. Тхан къамел хилира машаран чулацам болуш а, вовшашка ларам болуш а", - элира Гацаловс Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь.
Гергарчу деношкахь йийначу зудчуьнан гергарчу нахана тIебогIур бу и зулам дарна куьгбехке волчу нохчочуьнан верасаш. Цара къастор ду ненах даьлла дисинчу кхаа берана ахчанца а, кхин долчуьнца а гIо дарца доьзна хаттарш.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?