"Оьрсийчуьра режим ларйечу наха вийна а, вейтина а ву Немцов"

Оьрсийчоь -- Кремлан критик хилла Немцов Борис вийна ши шо кхочучу дийнахь цуьнан сурт дIакъевлина Iедалехьа йолчу зудчо, Чилл. 27, 2016

Your browser doesn’t support HTML5

"Оьрсийчуьра режим ларйечу наха вийна а, вейтина а ву Немцов"

Нохчийохь хьалхара тIом боьду шолгIа шо доладелла хан яра иза. 1996-чу шарахь Дечкен-беттан 12-чу дийнахь Лахарчу Новгородан кIоштан къоначу губернаторо Немцов Бориса кехат яздира Оьрсийчоьнан президентан даржехь волчу Ельцин Бориса.

Тахана и тайпан хир ду аьлла ойла ян а хала ду, амма цу хенахь мелла маршонан хан ю аьлла хеталора Оьрсийчоь.

"...ТIамо дойуш ду вайн бераш, юьуьш ю вайн кхане, тIамо сеттош, чIапйеш ю вайн пачхьалкх, къаьмнашна юкъахь кхуллуш ду мостагIалла, яржош ю гамо, адамийн бIаьргашкахь хIаллак хуьлуш ю нахалахь йоккху цӀе… Хьоьга, президенте, бен сацалур бац и тIом, ткъа оха, халкъо, гIо дийр ду хьуна... ЦIий Iенор вуно хадам боллуш сацо дезаш ду", -- яздора Немцовс цхьана агIона тIе тарделлачу шен кехата тIехь.

Цул тIаьхьа 10 де далале Нохчийчуьра тIом сацор доьхуш 1 миллион куьг гулдира 3,7 миллион бен стаг ца вехачу Немцовс куьйгалладечу кIоштахь.

1996-чу шарахь Дечкен-беттан 29-чу дийнахь и куьйгаш тIехь долу кхеташ а эцна, Лахарчу Новгородехь "Газель" машен новкъаяьккхира Москох.

"Вавильевский спуск" олучу меттехь сацийра машен. Цхьа папка а эцна, Кремлан "Спасские" олучу кевнехула Ельцин волчу вахара Немцов.

Тахана Немцов Борис вийна 3 шо кхочуш дага догIу и денош. "…Со тешна ву Нохчийчуьра тIом дIабирзира Лахарчу Новгородан кIоштара бахархой бахьана долуш а", - яздира политико шен книгехь.

Цо бинчу балхо Оьрсийчуьрчу юкъараллан тIеIаткъам бина хиларх лаьцна тоьшалла до хьалхарчу тIамехь жигара дакъальцна волчу нохчийн вевзаш волчу политико Закаев Ахьмада: "ХIетахь, вайна дагадогIу, оьрсийн хаамийн гIирсашкахь а, оьрсийн юкъараллехь а и тIом къобул бина тIелоцуш бацара, делахь а, политикашна юкъахь дукха нах бацар-кх, хьалхе а яьккхина, и тIом емал бан баьхьаш.

Иза тидаме эцча, оцу хенахь жима политик а вара иза, Ельцина шен метта куьйгалле ван везаш стаг ву хIара аьлла, билгалваьккхина а вара иза. Иза тидаме эцча, оьрсийн юкъараллина тIеIаткъам бира хIетахь цо бинчу балхо. Ткъа тIом сацорехь цо тIеIаткъам бира я ца бира ала вайна хала ду. ХIунда аьлча, тIом цьана кIеззигчу ханна бен саца ца бира".

Нохчийн тIемашца боьзначу а, кхечу а баланех лаьцна ойла еш даиман а дагаэккхаш ду цхьа хаттар. Иза хIотто а ду хала оццул ойланийн некъ боцуш ду иза.

Муха нисделла жимма а шайх доглозуш болу Оьрсийчуьра нах нохчий бу бохучу зуламхоша байар? Ша дуккхазза а йина цуьнан ойла бохуш, дуьйцу Закаев Ахьмада: "ТIелаца деза аьлла ца хета суна уьш нохчаша байина аьлла. ХIунда аьлча, Иблисана бен дагадогIур доцу иблисалла ду иза, нохчийн куьйгашца и нах байина аьлла даржор".

Цул сов, цкъа а цхьана динна дуьхьал вист хилла вацара Немцов. Иза политик вара. Иза вер кхин бахьана дара бохуш дуьйцу Закаевс :"Цуьнан деган кIоргенехь хIун дара хуийла дац вайна, амма цо шен дахарехь а, политикехь а цо цхьана а динна инкарло йина яцара. Бусалба динна йина а яцар-кх цо иза.

Цо дIахьош йолу политика а, цо беш болу болх а тахана цу чохь латтачу режимана дуьхьал беш бара. И режим ларъян гIертачу наха вийна а ву иза, цара вейтина а ву иза. Сан цу тIехь цхьа а шеко яц".

Тахана Немцов Борис вийна кхо шо кхочуш Iамеркан Iедало кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, юха а хьажа, политик верна бехке болу берриг а нах жоьпе озийна хилийта аьлла.