ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскархо вийна ГIалгIайчохь


Оьрсийчоьнан чохьарчу эскаран салтти вийна ГIалгIайчохь тIемалошца хиллачу тасадаларехь. Цунах лаьцна хаам бина «РИА Новости» агенталло, ГIалгIайчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретарна Котиев Ахьмадана тIе а тевжаш. Вийначуьнан цIе йоккхуш яц.

Хаамийн агенталлаш дийцарехь, оьрсийн эскархошна кIело йина хилла тIемалоша Алкун олучу эвлана гена доццуш. Хиллачу тIематасадаларехь цхьа салтти вийна. Цунна герз тоьхнарш билггал мьулуш бу хууш дац.
XS
SM
MD
LG