ТIекхочийла долу линкаш

Чатаев, Хабаев, Осмаев, Темирханов...



Нохчашна тΙехь Нохчийчоьнал арахьа ен кхелаш ю дΙайоьлхуш.

Пятигорскехь хьалхара ладогΙарш дΙадаьхьна кхело пхийттех шо хьалха Буденновск-гΙалина тΙелеттачу нохчийн Дуьхьалонан бΙаьхойх лору Хабаев Мовлди левеш. Цхьа шо ах шо ду иза лаьцна.

Дуьххьара ладегΙарш дΙадаьхьна Украинерчу Одессехь Путин Владимир вен араваьлла хиларна талламчашна бехке вечу Осмаев Адаман а. Цо бехк тΙе ца оьцу шена, элира кхаарий дийнахь кхелехь. РогΙера ледарш хир ду Одессерчу кху беттан 27-гΙачохь.

Иштта левеш ву Москох полковник Буданов вер толлуш лаьцна устрадахо Темирханов Юсуп а.

Ткъа Тбилисерчу низамхоша набахтера арахецна цигахь ши бут хьалха лаьмнашкахь нохчийн гΙаттамхойн тоба гуьржийн эскарша хΙалалкъеш Ιедалан каравахана хилла Чатаев Ахьмад. Амма цуьнан дов толлур долуш ду Тбилисехь. Закъалтана ахча а эцна ваьккхина иза мукъа.
XS
SM
MD
LG