ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасадаларш хилла Мисарарчу Александрияхь


«Бусулба вежарий» боламан агIончашна а, дуьхьалончашна а юкъахь тасадаларш хилла ПIераскан дийнахь Мисарахь Александрия олучу гIалахь. Уьш дIасабохуш полицино пайдаэцна бIаьргех хиш оьхуьйтучу газах. Демонстранташа вовше тIулгаш диттина. И бахьана долуш лазийна ву масийтта стаг.

Махкахь керла конституци тIеоьцуш шолгIа мур хилале цхьа де хьалха цу гIалахь митинге гулбеллера цу конституцин проектана шаьш гIортор еш хилар гайтуш болу нах. Цул тIаьхьа царах тасабелира церан дуьхьалончаш. Керлачу конституцин проектана критика еш болчу нахана хетарехь, цу документо Мисарахь сихдийр ду исламан пачхьалкх кхоллар.
XS
SM
MD
LG