ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойчохь китайхойх летта меттигера бахархой


ГIиргIизочохь вовшех летта меттигера бахархой а, Китайра баьхкина белхахой а. Цуьнан бахьана хилла цхьана китайхочуьнан мобилан телефон яр. Хиллачух лаьцна хаам бина ГIиргIизойчоьнан чоьхьарачу гIуллакхийн министраллан векло Аширбаев Жениша. Цо дийцарехь, тасадаларехь дакъалаьцна волчу 82-на китайхочух 21 маларх кхетна хилла.

Хьалхо зорбанан гIирсаша хаам бинера, Китайн махкахоша, етта а йиттина, закъалтана лаьцна масийтта меттигера вахархо а, пхи милцо а аьлла. Уьш къелхьар баха цига бахана хилла меттигера бахархой. Цу девнехь лазийна бу иттаннаш нах. Iедалша толлуш ду хилларг.
XS
SM
MD
LG