ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанхой коррупцина дуьхьал бу



Хьалхаваьлла лараме Ιеламча ТΙахΙир-уль-Къадри а волуш, Ιедал коррупцех мукъадала деза боху ойла яржош, кΙирандийнахь шайн мехкан коьртачу шахьара баха арабевлла пакистанхой. Исламабаде шаьш дΙакхачале 100 эзар сов протестхо шайца хир ву, элира Къадрис. БΙаьста хила безачу къоман харжамашна боггΙу низамийн бух биллар доьху гуламхоша.

Цигарчу Маршо Радион Машааль-сервисо хаам барехь, Исламабаде боьлху некъаш маьрша бу, амма кхечу мехкийн дипломатин хΙусамаш къевлина ю.

Канадехь массех шо а даьккхина, цΙехьавирзина ТΙахΙир-уль-Къадри бехке во Ιедалша, хинболу харжамаш юкъахбаха воллу иза, бохуш. Къадрис бакъ ца до шена гонаха дуьйцурш.
XS
SM
MD
LG