ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полисхо вийна Дагестанехь


Дагестанехь, Хасавюрт кIоштахь, вийна карийна Нохчийчура полицин белхахо. «Кавказский узел» интенет агенталло бинчу хаамца, иза ву 35 шо долу Шелковски кIоштара вахархо. ТIелатар динчара иза дIалаьцна хилла Еарин сарахь Каказ олучу некъа тIехь «Евро» олучу мехкадаьтта духкучу меттиганна уллехь.

Тешаш дийцарехь, иза полицин белхахой вуй хиъча, лаьцна дIавигина цара иза. Оццу сарахь Дагестанехь, Дербентехь, эккхийтина полицин белхахо чохь волу машен. Амма иза дийна висина.
XS
SM
MD
LG