ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь, хIусамехь тапча карийна аьлла, хан кхайкхийна 76 шо долчу вахархочунна


Бакъо а йоцуш, герз лелийна аьлла, кхел йина Нохчийчохь Невра-кIоштара 76 шо долчу вахархочунна Буцаев Эльмурзина. Суьдхочо ши шо хан кхайкхийна цунна, арахь даккха.

2000-чу шарахь газан тапча эцна хилла цо, баккъалла долу а патармаш кхисса юхайина йолу. Кавказский Узел интернет агенталло бинчу хаамца, Буцаев къера хилла ша динчунна. Лакхарчу инстанце латкъам бан дагахь вац иза.
XS
SM
MD
LG