ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарахь зен динарш Соьлж-ГIалара бу



ГΙалгΙайчохь Россельхознадзор олучу юьртбахамашна тΙехьожучу урхаллин куьйгалхо Дахкильгов Руслан а, лаххара а кхин виъ стаг а лазош, герзаш диттина Несарахь иккхинчу тΙматасадаларехь. Лазийначех цхьаъ велла дарбан цΙийнахь.
Министр чохь вогΙучу машенна тΙе маса-тоьпаш йиттина кхечу машенца хиллачара.

Герзахой, ГΙалгΙайчоьнан Талламан комитетан векала Героев Зураба бахарехь, лецна, уьш бу Соьлж-ГΙалара Шахтамиров Ислам а, Мургустов Осман а. ТΙелеттарш лоьцуш жигара хьаьвзина министрца машен чохь хилла цуьнан воΙ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG