ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена парламент ца кхоллало Италига



Италехь парламентан харжамашна тΙеΙаткъхам бо иза декъахь йолчу Евроберто, цуьнан экономика лелоран кепашна оьшшу хьелаш тΙекхийларца, элира шинарий дийнахь Европарламентан президента Шульц Мартина.

Италино вуно хала бо карачу хенахь керла парламент къасторан некъ. Цхьа партеш ю Евробертан финансийн системана пайде хьелаш махкахь тΙеэца кийча, вуьйш дуьхьал ю бахархошкара оьцу ял совъяккха а, нехан социалан хьелаш лахде барамаш дΙабахьа а.

Итали евроэкономикехь кхоалгΙа меттиг дΙалоцуш ю. Цундела бен-башха дац цо дΙакхоьхьу дукъ финансийн декхарх Европа мукъаяккхарехь.

Парламентан лахарчу палатин харжамашкахь хьалхара меттиг баьккхина Берсани Луиджин аьрро-центристаша, шолгΙачу меттехь ю Берлускони Сильвион консерваторийн парти. Амма церан барт ца хуьлу парламент вовшахтохарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG