ТIекхочийла долу линкаш

Филинна тIелатар дар толлуш лаьцна 3 стаг


Большой олучу Москох театран исбаьхаьллин куьйгалхочунна Филин Сергейна тIелатар дина аьлла стаг дIалаьцна полицино Твер-кIоштахь.

Интерфакс-агенталло бинчу хаамца, иза ву 35 шо долу Заруцкий Юрий. Цул сов, хаамийн гIирсаш дийцарехь Филинна тIелатар дар толлуш лаьцна ву Большой театран солист Дмитриченко Павел а, Заруцкийна машенца гIо дина волу Липатов Андрей а.

Филин Сергейна юьхьтIе кислота тоьхнера Дечкен-беттан 17-чу дийнахь Москох. Масийтта операци йинчул тIаьхьа иза дарба дан вигина Германе.
XS
SM
MD
LG