ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Римера Папа хоржуш бу кардиналаш


Тахана Ватиканехь тIаьххьара месса дIаяхьар даздина кардиналаша. Сикстинан капеллехь конклаве гулбелла бу уьш карарчу хенахь керла Римера Папа харжа.
Кардиналийн коллегера коьрта кардинало Содано Анджело берте кхайкхина Риман Католикийн килсанехь.

Дийцарехь, Италера кардиналан Скола Анджелон а, Бразилера кардиналан Шерер Одилон а массарчул а баккхий аьттонаш бу харжамашкахь толам баккха. Аьлча а, толам баккха оьшу 77 аз кхача.

Кардиналийн кандидатураш тIе язъйина долу кехатан цуьргаш дагор ду, арахь болчарна кхаж муха чекхбаьлла хаийта. Ватиканан туьнкулг чухула кIай кIур балахь, Римера папа хаьржина. Iаьржа кIур арабаларо – цхьа а хаьржина ца хиларан билгало ло.

Кхаьжнаш деа дийнахь таса йиш ю. ТIаккха а кардинал ца харжахь, 50 кхажжий, кхин цхьа аззий кхаьнарг тоьлла лору.

600 шарахь дуьххьара Римерчу Папас Бенедикт 16-чо ша могушаллин бахьанца дIаволу аьллачул тIаьхьа вовшахтоьхна бу хIара харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG