ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIелсинкин тобанна таллам болийна прокуратуро


Москох прокуратуран а, юстицин министраллан а векалш талламаш беш бара Еарин дийнахь Москох Хельсинкин тобан офисехь. Цуьнах лаьцна хаам бина цу организацин куьйгалхочо Алексеева Людмилас.

Цо дийцарехь, таллам бан баьхкинча наха дIадаьхьна цу вовшахтохаралло бина болх гойтуш долу кехаташ. ХIара кIира долалуш цу тайппа таламаш бина Мемориалехь а, кхин цхьамоггIа евзаш йолчу Iедалех йозуш йоцучу организацешкахь.

Кхаарин дийнахь Москох а, Петарбухехь а дIадаьхьира коммерцин йоцучу вовшахтохараллашна талламаш бар. Москох ял яккхаран полицин белхахой баханера Мемориал олучу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллин хIусаме. Ткъа Петарбухехь прокуратуран белхахой талламш беш бара дискриминацина дуьхьал йолчу Мемориал цIе йолчу центрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG