ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх стаг вийна Пакистанехь


Ялх стаг вийна, 11 лазийна Пакистанехь эккхийтар а дина. Полицино бинчу хаамца, байинчерна юкъахь бу эскаре кхайкхина болу герзахой а, маьрша бахархой а, шайна юкъахь 2 зуда а йолуш.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, шина Iожалхочо бомба эккхийтина уьш тIехь болу тIеман машенийн ковра Пешеварехь армин постана уллехула йолуш. Цу коврана юкъахь вогIуш хилла Хайбер-Пахтунхва провинцин дозанан полицин ницкъийн буьйранча Марват Iабдул Маджид. Цунна хIумма а ца хилла.

И тIелатар шайна тIеэцна стаг вац цкъачунна. Пакистанехь тIемалой эскаран дакъошна тIелетарш алсам девлла Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь хир болу харжамаш герга мел гIерта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG