ТIекхочийла долу линкаш

Азиев Таджикистане дIа ца валар доьху Оьрсийчоьне Страсбургерчу кхело


Таджикийн Iедалша динан экстремизм лелийна аьлла бехке веш волу Азимов Исмон цу пачхьалкхе дIа ма ло аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьно Страсбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Суьдана хетарехь, шайн кара вагIахь и стаг хьийзо мегаш ву таджикийн Iедалша. Amnesty International олучу адамийн бакъонашларйон вовшахтохаралло далочу тоьшаллашца, Таджикистанан Iедалша хьийзабо шаьш набахташкахь латтош болу нах.

Азимовна бехке дуьллуш дерг ду 4 стаг а вуьш, Худжант-гIалахь полицин декъана тIелатар дар. Амма цу стага ша бехке вац бах.

Азимов дIалецира Оьрсийчоьхь 2010-чу шарахь, Таджикистанан Iедалийн дехарца. Оьрсийчоьнан суьдо сацам бина цунна ша схьаваьллачу махка экстрадици ян.
XS
SM
MD
LG