ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемал-имам дагалоьцу Калугехь




Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имаман Шемалан чоь схьайиллина Калуга-гIаларчу историн музей чохь. Оцу хиламехь дакъалецира меттигерчу а, тΙебаьхкинчу а историкаша а, юкъаралло а. Схьайиллинчу чоьнна Шемалан сурт тΙехь долу куз а, шира кΙудал а, кхидолу а совгΙаташ дина Оьрсийчоьнан президентан гонехь йолчу Дагестанан векалто.

Гуниб-шахьар оьрсаша гоне лаьцча, церан каравахана Шемал-имам 1859-чу шеран Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь. Оцу хиламо берзийна лору оьрсийн историографино нохчаша а, дагестанхоша а шайн хΙетахьлера дуьхьалонан болам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG