ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евзаш йоцчу газах ун даьлла Кабулерчу мехкаршна




Ун хилла евзаш йоцчу газах ОфхΙанистанан шахьарачу Кабулерчу цхьана школерчу мехкаршна, уьш шайн доьшийле чубевлча. 20 йоΙ йиллина дарбан цΙийне. Ткъа Кабулерчу Амин цΙе йолчу цхьана лоьро Рейтер-агенталле бинчу хаамца, Кабулера 150 йоΙ ю иштта ун а даьлла лазарне йиллина, царех 10 холчохь а йолуш. Цкъачунна хууш дац, дуьззина хΙун бахаьнаш ду ун даржаран.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG