ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сурков массо Iедалан даржашкара дIаваьлла


Дукха хан йоццуш, Оьрсийчоьнан вице-премьеран – Iедалан куьйгаллин - даржера дIаваханчу Сурков Владислава кхин долу даржаш а дитина. Премьер-министран зорбан-секретаро Тимаков Наталья ма-аллара, вице-премьеран даржехь волуш иза масех Iедалан комиссин коьртехь а; президентан а, премьеран а цхьацца кхеташонийн органашна юкъавогIуш а вара.

Сурков, «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти кхоьллинарг а, цуьнан коьрта идеолог а, Кремлехьа узуш болу, масех кегийрахойн болам кхоьллинарг а ву. Цул сов, иза «суверенан демократин» да лоруш а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG