ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КхоалгIа а Пакистанан премьер-министран дарже вахана Шариф Наваз


Шариф Наваза кхоалгIа а караэцна тахана Пакистанан премьер-министран дарж.
63 шо долу Наваза дуй баар къобалдира мехкан президенто Асиф Iела Зардарис. Цул а хьалха Шариф цу дарже хьаржира дукхах хан йоццуш хьаржинчу Къоман Ассамблейн 342 (кхо бIе шовзткъе шина депутатах 244 (ши бIе шовзткъе веаммо).
Депутаташна хьалха вистхуьлуш Шарифа элира, Пакистан кхиоран беккъа нийса цхьа некъ – демократи чIагIъяр ду.

Стигалкъекъа беттан 11-чу дийнахь дIабаьхьначу харжамашкахь тоьллачу «Пакистанан бусулба лига» партин куьйгалхо ву. ТIеман карчам хиллачул тIаьхьа шен даржах ваьлла волу Шариф Наваз Iедале юхавеана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG