ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурси Мохьаммадна дарж деза



Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака Мисаран президенте Мурси Мохьаммаде хаийтина ша цуьнан махкахь хьал талхарна саготта вуйла. Шинарий дийнахь Обамас Мурси кхайкхира мисархой шена реза хуьлу некъ лахаре, шена резабоцучаьрца барт кароре. Мисархой миллионашкахь гΙевттина Мурсина дуьхьал.

Шена дарж дита 48 сахьт ло, аьлла, оппозицино дΙахьедар динчу юкъанна, Мурсис ша оппозицица политикан юкъаметтигаш къестош ву боху. Ткъа эскарерчу инарлаша дехна Мурсига а, цунна дуьхьаллаьттачаьрга а вовшашца барт лахар, нагахь иза ца карабахь, шаьш боккхур бу некъ, кхайкхийна цара.

Мурси кийча вац даржах къаста, ткъа Халкъ КΙелхьарадоккху Фронт шех олу оппзицин го дуьхьал бу цуьнца къамел дан а. Хьалха дарж дитинчу веа министран чот юзуш, хΙинца арахьарчу гΙуллакхийн министра Камел Мухьаммада а битина шегара меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG