ТIекхочийла долу линкаш

Умаров Доккина жоп делла Кремло



Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Колокольцев Владимира «Оьрсийчоь-24» олучу телегойтийлехула дΙахьедина, Сочера Олимпиада Ιалашъян кхоьллина кхерамзалла массех лардах лаьтта, ФСБ-н, полицин, эскарийн дакъоша латтабо и тешам, аьлла.

Оьрсийчуьрчу хьовсархоша деношкахь интернетехула Кавказ-Имаратан амира Умаров Доккас гΙаттамхой олимпиада ца хилийта гΙерта беза, аьлла, бинчу кхайкхамца дузу Колокольцев Владимиран къамел.

Къепе чΙагΙъеш бинчу кечамийн могΙарахь хир ду, элира министра, «олимпиаде хьажархочун паспорт». Ιедало, тешам а болуш, и кехат делла воцург, иза стенггара а веанехь а, вуьтур вац олимпиаде, элира Колокольцевс. Цо бахарехь, иштта лаккхара кхерамзалла кхоьллина олимпиадан дакъа шена тΙеэцначу Казанехь а.
XS
SM
MD
LG