ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахой демонстраце кхайкхина Мисаран тIеман министро


Мисаран тIеман министро инарло Сиси Iабдел Фаттаха кхайкхам бина шайн махкарчу бахархошка ПIераскана дийнахь терроризмана дуьхьал демонстраце арадовлахьара аьлла. Цо дийцарехь, халкъо тIедилла деза эскархошна къизаллица а, терроризмаца а къийсам дIабахьар.

Президентан даржах вохийна волчу Мурси Мохьаммадан агIончаш дуьхьал бу арми политикан гIуллакхашна юкъагIертарна. Цара бехке беш бу эскаран куьйгалхой Мурси лачкъорна. Инарло Сиси Iабдел Фаттаха дийцарехь, иза къоман барт бан лууш ву. Цу юкъанна цо бакъ ца дира Мисаран эскар декъалуш ду бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG