ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан харжамашна кечлуш ду Нохчийчура Iедалш


Нохчийчохь дlабахьа кечбечу парламентан харжамех лаьцна йоза, 30Тов2013

Нохчийчохь дlабахьа кечбечу парламентан харжамех лаьцна йоза, 30Тов2013

Гурахь Нохчийчоьнан парламентан харжамаш дIабахьа кечлуш ду Нохчийчура, Москохана муьтIахь долу Iедалш. Хьалххе дуьйна жамIаш хууш делахь а, харжамийн сурт гайта Iедалан стоьландай а, бюджетан белхахой а, дешархой а буьгур бу нуьцкъала. ХIинцале дIадиттина харжамех лаьцна агитацин телаташ.

Тахана меттигерчу Iедалдайша а,цаьрца бозуш мел болчу маьхькIамхоша а,политикаша а сирла басарш а,зевне аларш а ца кхоош билгалдоккху Нохчийчохь кху тIаьхьарчу шерашкахь вуно тIехдика, Оьрсийчоьнан президент харжар биста кхаччалц массо тIегIан политикан кампанеш дIаехьна хилар.Цу кепара махкана а юьхькIаме дIадирзина кхаьжнаш тийсар карладахар доьзна ду хIинцца гуьйренан хьалхарчу, гезган машин беттан 8-чу дийнахь, махкахь хинболчу парламентан харжамашца.

Iедалан хаамийн гIирсаша цхьа ларамаза хьахочаха,маьIне доцу хIума санна юкъ-кара карладоккху 4-5 шо хьалха,тIаьххьара Абдурахманов Дукхаваха коьртехь волу парламент хоржуш,политикан кхетам цIеххьана лакха а баьлла,бIаьрга сара кхетча санна каде хьийзинчу 99% вайнаха-харжамхоша кхаьжнаш тийсина хилар а,керла парламент хоржуш,и санна ца хилахь а цуьнга гIоьртташ гайтам хилахь массо а юьхькIай хирг хилар а.

Къоман а ,Iедалехь болчеран а «юьхь кIайн»хилийта хIинца дуьйна а бIаьрла гIулчаш яхар сихдина Нохчийчохь. Некъашца а, Iедалан хьукхмат-урхаллаш йол-йолчохь а ярташкахь а хьалаоьхкина го харжамашка кхайкхамаш.

Официалан Iорадаккхарца тIаьххьара ,кху товбецан беттан I-чу дийнахь чIагIдинчу чот-хьесапаша мА-гайттара, махкахь кхаж таса хан ерг 652 эзар стаг ву.И терахь гезган машин беттан 8-чу, кхаж тосучу дийнахь, кхин а лакхара хила тарло боху коьртачу харжаман комиссин хьостано,стенна аьлчи цу дийнахь мелла а совбовла тарлуш ду I8 шераш кхевчча кегийрхой.

Лакхахь ма-аллара, охIла болчара даре а деш шарахь шозза лераме оьцуш бу харжамхой,вуьшта аьлчи багарбеш январ –дечиган беттан I-чу дийнаххьий,июл-товбецан беттан I-чу дийнаххьий. Цу динера.гезган машин 8-гIа дийне кхаччалц йолчу ханна I8 шо кхочурш мела а тIекхета тарло бах официалан хьостано.

Массо а тайпа хаамийн гIирсашкахь билгалдоккхуш ду гурахь хинболчу парламентан харжамашкахь дакъалоцуш I7 политикан партеш а ,бен-бен боламаш а хилар.ХIинцале гIардаьхна цара хьалхатиттинчу кандидатийн терахьаш а.Кхузахь даима а санна хьалхе яьккхина Оьрсийчохь урхаллехь йолчу партино.Церан 62 ву депутат хила ойла кхобуш,»Патриоты России» партин 57 стаг,коммунистийн 55. Ала дашна нохчийн парламентан гIанта хаа бакъо луш дерг дац 4I мандат бен.

Бахархошна-харжамхошна кху тIаьхьарчу шерашкахь зеделла мА-хиллара, тIебогIу харжамаш а,Iедалдайшна мА –лаъара лаккхара гайтам а болуш,церан аьллар-луур тIехь вверг депутат а хуьлуш, чекхбевр бац аьлла шеко ерш кхузахь боцу хьесап ду.
XS
SM
MD
LG