ТIекхочийла долу линкаш

Узбекийн оппозицин хьалханчан хIусаманна герз тоьхна Туркойчохь


Туркойчохь герз тоьхна Узбекистанерчу оппозицин лидерех цхьаъ волчу Салихь Мухьаммад вехачу хIусаманна. Узбекистанан халкъан боламан интернет сайто бинчу хаамца, и тIелатар дина кху беттан 24-чу дийнахь.

Вийна а, лазийна а стаг вац. Маршо Радионна еллачу интервьюхь Салихь Мохьаммада элира, тIелатар динарг ши стаг вара аьлла. Уьш муьлаш бу ца хаа шена бохуш вара иза.

Салихь вевзаш ву поэт а, диссидент а, политикан жигархо а санна. Узбекистанера иза дIавахана цкъа дуьххьара Азербайджане, тIаккха Туркойчу 1993-чу шарахь, махкана ямарт хилла аьлла Iедалш ша бехке винчул тIаьхьа. ТIаьхьо узбекийн Iедалша набахтехь даккха 15 шо хан кхайкхийра цунна.
XS
SM
MD
LG