ТIекхочийла долу линкаш

Шеманна тохар дарна дуьхьал ву Путин


ДIаьвше герз лелорна Шеман Iедал бехке дар цхьа а доцург ду аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Владивостокехь журналисташна хьалха вист хуьлуш цо элира, нагахь Iамеркехь цу тайпа герз лелийна хиларан тоьшаллаш далахь уьш гайта деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташонна аьлла.

Путина дицарехь Шеман тохарш даро дуккха а адамаш дойур ду, шайна юкъахь маьрша бахархой а болуш. ПIераскан дийнахь Iамеркан президенто Обама Барака дIахьедар дира, Шемахь дукха шуьйра йоцу тIеман операци дIаяхьарх лаьцна ойла еш ву ша аьлла. Хьалхо Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона шайн талламан серсиана тIе а тоьвжуш хаам бира, Марсхьокху-беттан 2I-чу дийнахь Димашкан йистехь дIаьвше герз лелор бахьана долуш 1429 стаг вийна аьлла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инспекторийн тоба дIаяхана Шоьтан дийнахь Шемара. Уьш хIинцале а дIакхаьчна Ливане. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаро Бан Ки Муна дIахьедар дина царна кхин а ши кIира дезар ду шаьш бинчу талламах лаьцна рапорт кечдан аьлла.
XS
SM
MD
LG