ТIекхочийла долу линкаш

Харжамаш, хьаькамаш, йист йоцу ва аьшпаш...


Нохчийчоь --Парламентан харжамашка нах кхойкху гатанаш доцуш меттиг яц махкахь, харжамаш хир бу Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь, Соьлж-ГIала, 03Гез2013

Нохчийчоь --Парламентан харжамашка нах кхойкху гатанаш доцуш меттиг яц махкахь, харжамаш хир бу Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь, Соьлж-ГIала, 03Гез2013

Деношкахь хинболчу парламентан харжамашна бен кечамаш финале боьрзуш бу Нохчийчохь. ХΙайт-аьлла йоьду депутаташла гΙертачу а, уьш хьалхатоьттучу а нехан агитаци.



Ткъеха политикан парти декъашхо а йолуш, депутатийн 41 гIант къуьйсу 776 кандидато.

Коьртаниг- харжамхойн жигаралла. "Варийлаш,кIадо ма елаш, шайн декхар кхочушдан цхьаъ санна массо арадовлалаш". Ишта кхайкхамаш бо Iедалан хаамийн гIирсаша а, депутаташ хила карзахбевллачу кандидаташа а, церан гIоьнчанаша а.

РогIера политикан кампани ларъеш, чIагIдинчу хьелашкахь гIуллакх деш ю полици а. Харжамаш берззалц, дешар саца а дина, дIакъовлуш ю ишколаш.

Парламентан харжамаш тIекхача йиснарг йоккха хан цахиларе хьаьжжина, гIаланашкахь а, кIошташкахь а депутаташ хила Iалашо лаьцначара марсадаьхна харжамхошца ден цхьаьнакхетарш.

Соьлжа-гIалин кIоштехь, ГIуларахь, ишта цхьаьнакхетар дIадаьхьна лакхарчу даржашкахь хиллачу Мохчаев Вахида а, Дадаев Лоьмас а. Теркйистехь маса хьийзаш ву жимма хьалхо префект лаьттина Ахметханов Султан.Цу кеппара жигара шайн агIончаш дебош болх дIахьо кандидататаша Шелковскан а, Гуьмсан а, Невран а кIошташкахь а.

Парламентан харжамаш бахьнехь бахархоша билгалдоккхург цхьа хIума ду- депутат хила меттах мел ваьлларг, верриге а бохург санна, яхначу хенахь лаккхарчу даржашкахь Iедалан белхашкахь хилла нах бу.

Парламенте кхача луучийн цIерш евзаш ю, уьш бехха Iдалехь лаьттина а, лаьтташ болу а нах хиларца: Яхихаджиев СаIид, Ханбиев Мохьмад, Эдельгириев Руслан, Абдурахманов Дукхваха, Ахметханов Султан, Закриев Салман а, цуьнан кIант Якъуб а, Жамалдаев Шаид а и кх. дIа а.

Дукхахйолчу харжамийн таппашкахь пенах хьалакхозу Путин Владимира дешнаш: "ХIара кIентий схьабевллачу халкъан лерам ца бойла янне а яц».
XS
SM
MD
LG