ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эр-Рияд реза яц Брюссельна



СаΙуда Ιаьрбийн пачхьалкхо дΙахьедина, шена ца лаьа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташона юкъаяха, аьлла. Иза реза ца хилла цигахь шега кховдийна меттиг тΙеэца. Дуьненахь лелха девнаш, тΙемаш совцон гунахь долуш яц Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци, аьлла ду оцу махко дина дΙахьедар.

Еарий дийнахь цунна а, Чадна а, Чилина а, Литувана а, Нигерина Кхерамзаллин кхетошене меттигаш кхачийна. «Шалха стандарташца» бо Кхеташоно Малхбалехь шен машарбаран болх, боху СаΙуда Ιаьрбийн арахьарчу гΙуллакхийн министралло. Шаьш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин балхахь хийцамаш хилахь, реза хир ду цуьнан кхеташонна юкъадаха, аьлла цо, сатуьйсурш муьлха хицамаш бу а ца дуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG