ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь кхузткъе хьалхарчу меттехь ю зударийн аьттонаш нисбарехь


Дерриг дуьненара пачхьалкхашкахь зударийн а, божарийн а бакъонаш муха ю толлуш динчу хьесапо гайтина, Оьрсийчоь кхузткъе хьалхарчу меттехь хилар. Gender Gap Index организацин векалша рапорт арахецна цу хьокъехь. Цара талламаш бинера 136 пачхьалкхехь.

Масех хIума дара юьхьарлаьцна и таллам дIабахьа – могушалла, уьш мел беха а, церан дешаран тIегIа а, политикан а, экономикан а дахарехь цара лоцу дакъа а.

2013-чу шарахь бинчу талламийн жамIашца а догIуш, зударшна уггар дика дахаран хьелаш латтош йолу пачхьалкх Исланди ю. Цул тIаьхьа йогIу Финлянди а, Норвеги а. Хьалхарчу пхеанна юкъаяхана Филиппинаш. Вуьшта, даханчу шарахь зударийн хьелаш тодина 86 пачхьалкха.

Амма Оьрсийчохь уьш мелхуо а телхина. Рапортан авторша иза дузу, Оьрсийчура зударша экономикан дахарехь лоцучу декъаца а, балхахь лакхабовла йолчу таронашца а, политике кхача болчу аьттонашца а, зударийн а, божарийн а алапаш башха хиларца а.

Зударийн Оьрсийчохь атта дан йиш йолчех лерина – деша бахар а, болх лахар а.
Дуьненара уггар а зударийн аьттонаш ледара йолу пачхьалкхаш ю – Гергарчу Малхбалера, Къилбаседа Африкера пачхьалкхаш. Рейтинг дIакъовлу Чадо, Пакистано, Йемено а.
XS
SM
MD
LG