ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох дагалецира, 11 шо хьалха Нохчийчура тIом сацабар доьхуш, тIемалоша Дубровкера театран цIа лацар


Москох дагалецира, 11 шо хьалха Нохчийчура тIом сацабар доьхуш, тIемалоша Дубровкера театран цIа дIалацар а, цигахь хиллачу 900 сов закъалтхойх 130 валар а. Бохам хиллачу меттехь гулбеллера беллачерийн гергарнаш, доттагIий а, закъалтехь хилларш а, цхьайолчу политикан партийн векалш а, дин дай а.

2002-чу шеран ГIадужу-беттан 23-чу дийнахь «Норд-Ост» мюзикл йоьдуш йолуш, тIемалоша лаьцна театран цIа, кхаа дийнахь церан карахь лаьттира. Путинан Iедалша леррина операци дIаяьхьира, хIусамна чу дIавьше газ хецна. 130 стаг велира цунах. Царах итт бер дара.

Дукха а шеконаш ю, оьрсийн къайлаха ницкъийн гI а доцуш, тIемалошка шайгга Москохара театр закъалтана лацаелла хиларх. Цу гIуллакхана кIорге гIиртина нах а, журналисташ а, белла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG