ТIекхочийла долу линкаш

Пакистане веъна Хейгл Чейни



Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министр Хейгл Чейни кхаьчна Исламабаде Пакистан президентца Шариф Навазца дагавала. Дийцарехь ду луларчу ОвхIанистанехь лаьтта а, цигара гIуьтту а зуламаш.

Иштта хьехош бу агIонаша Пакистанехь Iамеркан дронаша – чохь лелош стагга а воцчу кибер-кеманаша - кхочуш бен тIеман барамаш а.

Хьалхо Хейгл хилира ОвхIанистанехь лаьттачу Iамеркан эскаршкахь, амма хиланза дисира цигарчу президентца Карзай Хьамидца цхьанакхетар.
XS
SM
MD
LG