ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчу Олимпиаде яха дагахь яц президент Грибаускайте


Литуван президенто Грибаускайте Даляс дIахьедар дина, кху Iай Сочехь хир йолчу Олимпиаде йоьдийла дац шен аьлла. Цо дийцарехь, цуьнан политикан бахьана ду.

Литуван куьйгалхочо боху, ша Чиллан-баттахь Сочехь Ловзарщкахь хуьлийла дац, Оьрсийчохь адамийн бакъонашца доьзна хIоьттина хьал а, цо Евробертан Малхбалерчу партнерашца лелош дерг а, кху тIаьхьарчу маситта баттахь цо Украинина а, Гуьржийчоьнна а, Молдавина а беш болу Iаткъам а, Вильнюсана экономикан ницкъ беш хилар а бахьана долуш а.

Грибаускайте йоцург Соче Олимпиаде баха дагахь бац Германин а, Францин а, Молдован а президентташ. Хир вац цигахь Iамеркин президент Обама Барак а.
XS
SM
MD
LG