ТIекхочийла долу линкаш

Арафат Ясир дIаьвшах ца велла болу оьрсийн говзанчаша


Талла хьаладаьккхинчу Арафат Ясиран дакъанна тIехь экспертиза йинчу оьрсийн говзанчаша дIахьедар дина, иза ша велла ву, аьлла. Цунна полонех дIовш даьлла хилар юкъарадаьккхина цара.

Оьрсийчура лоьрийн-биологийн федералан агенталлин куьйгалхочо Уйба Владимира хаам бина, кхин цхьа таллам дIахьо аьлла, Палестинин агIора дехар кхаьчна дац шайга, аьлла. Цо бахарехь, францера говзанчаша а тIечIагIдина, Арафат радиацех велла ца хилар. Уйбас иштта билгалдаьккхира, ши бутт хьалха Арафатца полонин лакхара тIегIа яра аьлла дIахьедар дина хилла швейцархой а, шайн талламан жамIашца реза хилира, аьлла.

2004-чу шарахь, Лахьанан беттан 11-чу дийнахь велла ву Арафат Парижана йистехь. Цуьнан 75 шо дара. Францера лоьрийн официала версица, цунна инсульт хиллера.

Дукхах болу палестнахой тешна бу, Арафатана дIовш даийна хилла хиларх. Цунна бехке Израил а хета царна. Израил Iедалша и бехкаш тIе ца буьту.
XS
SM
MD
LG