ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасадаларш совцуш дац Киевехь


Незалежности (Маршо) майда демонстрантех маьрша яккха гIерташ ю «Беркут» милцойн тоба а, чоьхьара эскарш а. Майданахь лаьтташ ву 20 эзар стаг. Демонстранташна юкъа гIовгIа йоккху гранаташ кхуьссуш бу «Беркутера» милцой. Цара иштта хиш детта дуьхьалонан акцийн декъашхошна тIе. Царна дуьхьало еш тIулгаш кхуьссуш а, цIераш латийна, царах дуьхьалонан пен бина лаьтта демонстранташ. Президентаца Янукович Викторца дагадовларш дIадаьхьна оппозицин лидераша. Амма уьш дирзина цхьа а жамI доцуш.

Януковича дIахьедар дина оппозици зилах тIехъялла аьлла, адамашка герз схьаэца аьлла кхайкхам а бина. Киевехь вуно луьра тасадаларш совцуш дац Чиллан-беттан 18-чу дийнахь дуьйна. «Рейтер»-агенталло дийцарехь, урамашкахь хиллачу тасадаларшкахь вийна лаххара 19 стаг. БIеннаш чевнаш йина бу.

Iамеркан а, Малхбузен Европера а политикаша кхайкхам бина Украинин президенте ницкъ бар сацо гIулчаш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG