ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«G-8» юкъара эккхийна Оьрсийчоь



1994-чу шарахь Будапештехь ша куьг яздинчу меморандумо къастийна низам Украинера ГIирма дIаяккхарца дохорна бехкейо Оьрсийчоь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа.

ХIааге, зарратан кхерамзаллин саммите гулбеллачу G-7 олучу пачхьалкхийн лидерша оцу хьокъехь сацам тIеоьцуш, Iамеркан векалша дIахьедина, нехан латта дIалацарца Оьрсийчоьно гайтина ша Европерчу машарна кхерам бохьийла, аьлла.

G-7-н декъашхой реза бу Украинана, иза 1994 шарахь зарратан герз ша ца лелон йинчу чIагIонна тIехь лаьтташ хиларна.

Саммитан декъашхойн ойланаш йогIу, ГIирма дIалацарца Оьрсийчоьно совбоккху мехкийн зарратан герз даржош, гIатта тарлуш болу лаам аьллачу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин секретаран Пан Ги Мунан къамелца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG