ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхьатеттина ОвхIанистанехь президентан харжамийн жамIаш довзийтар


ОвхIанистанера йозуш йоцучу комиссино дIахьедар дина, президентан харжамийн жамIаш довзийтар тIаьхьатоттуш ду шаьш аьлла. Кхаж тосуш харцонаш лелийна аьлла бина латкъамаш талла а, кхаьжнаш дагардар чекхдаккха а кхин а ши де оьшу шайна боху комиссин декъашхоша. Цара дийцарехь, цу кепара президентан харжамийн жамIаш довзуьйтур ду кху беттан 26-чу дийнахь.

Цкъачунна болчу хаамашца, президентан харжамашкахь толам боккхуш ву ву ОвхIанистанан арахьарчу гIуллакхийн министр хилла волу Iабдулла Iабдулла. Нисса аха кхаьжнаш дагардича гуш ду 44 сов процент харжамхоша шайн кхаьжнаш цунна дIаделла хилар. ШолагIчу меттехь ву финансийн министр хилла волу Гани Ашраф. Цо гулдина 33 процент кхаьжнаш.

Нагахь царах цхьанне а 50 сов процент кхаьжнаш гулдан аьтто ца балахь, шолгIа мур хир бу президентан харжамийн. Президентан харжамаш хилира ОвхIанистанехь кху беттан 5-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG