ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIомсехь а, Димашкъехь а динчу лелхийтаршкахь 49 стаг велла, иттаннашна чевнаш йина


Мел лаххара а 37 стаг велла Шемарчу ХIомсехь, мина чу йоьллина машен эккхар бахьана долуш. Меттигерчу Iедалийн хаамца, иттаннаш нахана чевнаш хилла.
Дукха хьолахь, алавиташ бехачу кварталехь хилла эккхийтар. Оцу тайпанара ву Шеман президент Асад Башар а. Цул а хьалха, оццу дийнахь, 12 стаг веллера, кхин а иттаннашна чевнаш хиллера, Димашкъана юккъахь минометаш кхийсар бахьана долуш.

Полицин хаамца, Шеман коьртачу гIалара шиIатийн кIошта кхеттера герз. Шарах ши хIоъ, техникан институтан керта а бужуш.

ХIокху аьхка, Мангал-беттан 3-чу дийнахь дIабахьа билгалбаьхначу президентан харжамашкахь дакъа лоцур ду ша аьлла дIахьедар дина, Асад Башара.
Кхо шо гергга хан ю, Шемахь Iедалшна а, суннийн гIаттамхошна а юкъахь дов лаьтта. Асад Башаре президентан дарж охьадиллар доьху цара.
Тайпа-тайпана динчу хьесапехь, дов доладелчхьана дуьйна, цхьана бIе эзарна тIера, цхьа бIе ах бIе эзарна тIе кхаччалц адам делла Шемахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG