ТIекхочийла долу линкаш

Мобилан аппликацех йолу 3 млрд соьме кхочу са Якунин Владимиран кисана йоьду боху, Навальныйн фондо


Навальный Алексейс урхалла дечу «Коррупцица къийсам латточу фондо» гIарадаьккхина, «Оьрсийчоьнан Аьчган некъаш» компанин белхан хьокъехь шаьш бинчу талламан жамIаш. Цу жамIашца а догIуш, мобилан аплликацехула билеташ духкуш тIедоккху ахча, «Оьрсийчоьнан Аьчган некъаш» компанин куьйгалхочуьн Якунин Владимиран кисана доьдуш ду. Фондан хьесапехь, шарахь кхо миллиард гергга сом ду иза.

Талламо билгалдаьккхина, и ахча, Кипран яхархо йолчу Лиссиотис Верин долахь йолчу компанешка кхочуш хилар. Царна юкъарло лелош кхин а цхьа юкъарлелархойн маша бу. Якунинан долахь йолчу вовшахтохараллин декъашхо а ю Лиссиотис, боху, Навальный фондан жигархоша. Цул сов, цунах «Якунинан доьзалан ахчалелорхо» а олу боху «Коррупцица къийсам латточу фондо».

Навальныйс хьалха а маситтаза кхаьънаш эцарна а, ахчанаш лечкъорна а бехке винера, «Оьрсийчоьнан Аьчган некъаш» компанин куьйгалхо Якунин. Амма цо уьш бух боцуш ду олий, дIахьедар дора.
XS
SM
MD
LG