ТIекхочийла долу линкаш

Одессехь кхаа денна тезет кхайкхийна Оьрсийчоьнехьа а, Украинан цхьааллехьа а болу нах вовшахлетча, беллачарна


Оьрсийчоьнехьара жигархошна а, Украинан цхьааллехьа болу агIончашна а юкъахь герзаца Iотта-баккхам хиллачул тIаьхьа иттаннаш нах балар бахьана долуш, кхаа дийнахь тезет кхайкхийна Украинера Одесса-гIалахь. Беллачерийн терахьаш гуттар а хийцалуш ду. Одесса гIалин кхеташоно бинчу тIаьххьара хаамца, уьш 41 стаг ву.
Украинан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло бечу хаамца, мел лаххара а 37 стаг вийна, ши бIе сов нахана чевнаш хилла. Царна юкъахь 22 милцо а ву. Чевнаш хилла 40 стаг дарбан цIийнахь ву, 17 – чIогIачу хьолехь а волуш.
XS
SM
MD
LG