ТIекхочийла долу линкаш

Францехь Порошенкоца цхьаьнакхета реза ву Путин


Францерчу телеканалана интервью луш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, Украинин куьйгалхочуьнца Порошенко Петрца цхьаьнакхета кийча ву ша ШолгIа дуьненера тIом боьдуш бертахойн эскарш Нормандехь охьахевшина 70 шо кхачарна хьажийначу даздаршкахь аьлла.

Хьалхо Порошенкос дIахьедар дира кху беттан 7-чу дийнахь шен инаугураци хиллачул тIаьхьа махкахь машар хIотторан план Iора яккха дагахь ву ша аьлла. Цу планаца а догIуш, махкахь амнисти а кхайкхийна, Iедал регионашца доькъур долуш ду Украинехь.

XS
SM
MD
LG