ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох тIаьххьара Iодика йина Новодворскаян


Москох Сахаровн цIарахчу центрехь тIаьххьара Iодика йина Новодворская Валериян. Иза яра евзаш йолу журналист, «Демократин кхеташо» олу парти кхоьллина йолу оппозицин политик. Тезетан панихиде веанера 10 эзар гергга стаг. Кремаци йинчул тIаьхьа цуьнах бисина чим дIабуллур бу Москох «Донское кладбище» олучу кешнашкахь.

Новодворская Валерия елла Товбеца-беттан 12-чу дийнахь. Цуьнан дара 64 шо. Новодворская яларна шайна халахетта хилар хаийтина Оьрсийчоьнан а, Украинин а президенташа Путин Владимира а, Порошенко Петрос а.

Новодворская Валерия дуьхьал яра Нохчийчохь хиллачу тIемашна, цо луьра кртика йора Iедалшна цигахь зуламаш дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG