ТIекхочийла долу линкаш

Украина хьокъехь Путинца кхин дIа а болх бан дагахь ву Обама


Оьрсийчоь юха а ша дуьненаюкъараллах дIахадош ю аьлла, дIахьедар дина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. Шинарин дийнахь Украинех лаьцна дIахьедар деш цо хаам бира, шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхош хиларх лаьцна. Iамеркан президенто дийцарехь, иза цу тIе далийта оьшуш дацара.

Цу тайпа харжам бинарг Оьрсийчоь, къаьсттина Путин Владимир ву, элира Обамас. Iамеркин президенто дийцарехь, цо кхин дIа а болх бийр бу Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, ткъа иштта Украинин президентаца Порошенко Петроца а, Европерчу партнерашца а, Украинера кризис дипломатийн гIулчашца дIаерзор Iалашонца.

XS
SM
MD
LG