ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эксперташ дIакхаьчна Малайзин Боинг чудаийтинчу метте


Украинин Малхбалехь Малайзин Боинг чудаийтинчу метте дIакхаьчна 70 гергга Нидерландера а, Австралера а эксперт. Церан Iалашо ю некъахойн кеманна тIехь хиллачу нехан декъий лахар. Нидерландин юстицин министралло дIахьедар дина, талламан белхаш масийтта меттехь дIахьош бу аьлла. Хьалхо Украинин вице-премьеро Гройсман Владимира хаам бира, кема охьадоьжначу меттехь беллачу некъахойн декъий ду аьлла.

Австралин арахьарчу гIуллакхийн министро Бишоп Джулияс дийцарехь,цигахь дисина хила мега 80 стеган декъий. 200 гергга дакъа хIинцале а дIакхачийна Нидерланде. ТIаьххьара болчу хаамашца, дохийначу лайнерна тIехь хиллачу 298 стагах 196 Нидерландин махкахо ву. Малайзин Боинг чудаийтиина Донецкана гена доцуш Товбеца-беттан 17-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG